Matthew 22:23-33
Денваларх лаьцна
(Марк 12:18-27; Лака 20:27-40)
23 aЦу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: 24 b«Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору. 25Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира ▼▼...цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира – иштта хӀетахьлерчу Ӏедалехь хилла.
. 26Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира. 27Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира. 28Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу». 29Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. 30Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 31Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: 32 d„Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» 33Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира.
Copyright information for
CheCAC2012