‏ Matthew 22:35-40

35Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: 36«Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?»

37 aЦо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. 38Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду. 39 bЦунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. 40 cТоврат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду».
Copyright information for CheCAC2012