Matthew 24:15-21
Боккха гӀайгӀа-бала
(Марк 13:14-23; Лака 21:20-24)
15 a«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!), 16тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 17 bТкъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла. 18Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 19Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21 cХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.
Copyright information for
CheCAC2012