Matthew 24:15-28
Боккха гӀайгӀа-бала
(Марк 13:14-23; Лака 21:20-24)
15 a«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!), 16тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 17 bТкъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла. 18Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 19Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21 cХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. 22Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду. 23Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“я „Цигахь ву шуна!“алахь, цунах ма тешалаш, 24хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама. 25ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо. 26 dНагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“алахь, царах ма тешалаш, 27хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар. 28 eХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш ▼▼ХьаргӀанаш – грекийн маттахь: ломъаьрзунаш.
а».
Copyright information for
CheCAC2012