‏ Matthew 24:23-28

23Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“я „Цигахь ву шуна!“алахь, цунах ма тешалаш, 24хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама. 25ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо.

26 aНагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“алахь, царах ма тешалаш, 27хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар.

28 bХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш
ХьаргӀанаш – грекийн маттахь: ломъаьрзунаш.
а».
Copyright information for CheCAC2012