‏ Matthew 24:29-31

Адамийн КӀант схьавар

(Марк 13:24-27; Лака 21:25-28)

29 a«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу,
батто а серло лур яц,
стигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.

30 bЦу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. 31Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
Copyright information for CheCAC2012