‏ Matthew 24:3-14

ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш

(Марк 13:3-13; Лака 21:7-19)

3Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»

4Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. 5Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“Дукхахберш Ӏехор бу. 6ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. 7Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу. 8Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9 aШу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. 10Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. 11Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. 12Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. 13 bАмма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву. 14И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».
Copyright information for CheCAC2012