‏ Matthew 24:32-35

Комарийн дитт масална далош дина дустар

(Марк 13:28-31; Лака 21:29-33)

32«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 33Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а. 34Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. 35Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Copyright information for CheCAC2012