‏ Matthew 24:36-44

Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа

(Марк 13:32-37; Лака 17:26-30, 34-36)

36«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 37 aНохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш. 38ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39 bХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а. 40Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю. 42Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла. 43 cКхин цхьа хӀума а дагахь латтаде: хӀусамдена къу буьйсанна маца вогӀур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. 44Цундела шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
Copyright information for CheCAC2012