‏ Matthew 24:37-41

37 aНохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш. 38ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39 bХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а. 40Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю.
Copyright information for CheCAC2012