Matthew 25:1-13
Итт зудаберах лаьцна долу хьекъале дийцар
1 a«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана. 2Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла. 3Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла. 4Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна. 5Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна. 6Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“ 7Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна. 8Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, – бохуш. 9Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“. 10Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла. 11 bТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“ 12Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“ 13Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
Copyright information for
CheCAC2012