Matthew 25:14-30
Кхаа ялхочух лаьцна долу хьекъале дийцар
(Лака 19:11-27)
14 a«Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна. 15Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла. 16Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина. 17Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина. 18Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна. 19Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла. 20Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“. 21Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 22Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“. 23Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 24ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо. 25Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“. 26Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой. 27Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара. 28Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало. 29 bХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху. 30 cЧукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».
Copyright information for
CheCAC2012