‏ Matthew 26:20-25

20Суьйре тӀекхаьчча, Ӏийса Шен шийтта мурдаца хӀума яа охьахиира. 21ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».

22ЧӀогӀа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»

23 aЦеран хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хӀокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу. 24Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»

25Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхӀуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!»

Ӏийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
Copyright information for CheCAC2012