aАрадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34.
Matthew 26:26-29
Везачу Элан пхьор
(Марк 14:22-26; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
26Цара хӀума юучу хенахь Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «ДӀаэца, даа, иза Сан дегӀ ду шуна!» 27Цул тӀаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дӀакховдийра: «ДӀамала массара а, 28 aиза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу! 29Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дӀахӀоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тӀекхаччалц», – аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012