‏ Matthew 26:31-35

Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар

(Марк 14:27-31; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)

31 aТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса,
тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“.
32 bАмма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».

33ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дӀатесча а, аса-м дӀатосур вац Хьо».

34Ӏийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».

35ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац».

Изза вукхара а элира.
Copyright information for CheCAC2012