Matthew 26:36-46
Ӏийсас Гатшамани-бешахь доӀа дар
(Марк 14:32-42; Лака 22:39-46)
36Ӏийса Шен мурдашца Гатшамани цӀе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Ӏе, Аса, хьуьлла а вахана, доӀа дечу юкъана». 37Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза. 38Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха». 39Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». 40Шен мурдаш болчу тӀевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХӀун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу? 41Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду». 42Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» 43Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. 44КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш. 45Шен мурдаш болчу тӀе а веана, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу хӀинца а, наб еш, садоӀуш ду? ЛадогӀа Соьга: Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна. 46Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Copyright information for
CheCAC2012