Matthew 26:47-56
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Марк 14:43-50; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)
47Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. 48Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца». 49Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира. 50Ӏийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гӀуллакх кхочушде ▼▼Айхьа кхуза веана долу гӀуллакх кхочушде – я иштта: хьо стенна деана?
». Цара Ӏийса, тӀекхетта, схьалецира. 51Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тӀерадаьккхира. 52 bӀийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хӀунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. 53Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна? 54Делан Йозанаш тӀехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?» 55 cЦу хенахь Ӏийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь Ӏаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. 56Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТӀаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дӀабахара.
Copyright information for
CheCAC2012