Matthew 26:57-68
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀутту
(Марк 14:53-65; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
57Ӏийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дӀавигира. Кхузахь гулбелла бара Ӏелам нах а, къаной а. 58Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гӀаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дӀа хӀун хир ду хьожуш. 59Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. 60Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара. 61 aЦара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“». 62ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» 63Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?» 64 bӀийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур вуНуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а,
стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65 cТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? 66ХӀун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!» 67 dЦхьаболчара юьхь тӀе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тӀара детташ, 68мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»
Copyright information for
CheCAC2012