Matthew 26:59-66
59Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. 60Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара. 61 aЦара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“». 62ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» 63Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?» 64 bӀийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур вуНуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а,
стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65 cТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? 66ХӀун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
Copyright information for
CheCAC2012