‏ Matthew 26:6-13

Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар

(Марк 14:3-9; Яхьъя 12:1-8)

6Ӏийса Бет-ХӀинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамӀин хӀусамехь волчу хенахь, 7 aЦунна тӀееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогӀу, механа чӀогӀа деза долу даьтта хиъна Ӏаш волчу Ӏийсана коьрта тӀе дитта йолаелира. 8И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума? 9Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».

10Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду. 11 bМиска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца. 12Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю. 13Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
Copyright information for CheCAC2012