Matthew 26:71-75
71Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Ӏийсаца вара». 72Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза». 73Дукха хан ялале кхунна тӀебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хӀунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до». 74Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нӀаьна кхайкхира. 75ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас аьлларг: «НӀаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дӀатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
Copyright information for
CheCAC2012