Matthew 27:15-23
Ӏийса вен кхел йо
(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
15ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла. 19Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла. 20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб». 22Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» 23Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.
Copyright information for
CheCAC2012