‏ Matthew 27:15-26

Ӏийса вен кхел йо

(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)

15ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.

19Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла.

20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?»

Цара элира: «Барраб».

22Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?»

Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»

23Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»

Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.

24 aИ сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».

25Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»

26ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012