Matthew 27:15-31
Ӏийса вен кхел йо
(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
15ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла. 19Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла. 20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб». 22Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» 23Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш. 24 aИ сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло». 25Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!» 26ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Марк 15:16-20; Яхьъя 19:2, 3)
27ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира. 28Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира. 29Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.
Copyright information for
CheCAC2012