Matthew 27:3-8
ЯхӀуд-Искархо валар
(Векалийн 1:18, 19)
3 aӀийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». 5Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира. 6Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела». 7Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка. 8Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду.
Copyright information for
CheCAC2012