Matthew 27:32-44
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Марк 15:21-32; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
32ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 33Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34 aСтимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира. 35 bИза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира. 36Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. 39 cЮххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40 dЦуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!» 41Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42«Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду! 43 eИза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“» 44Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.
Copyright information for
CheCAC2012