cАрадаккхар 26:31-33.

‏ Matthew 27:45-56

Ӏийса кхалхар

(Марк 15:33-41; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)

45Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46 aДелкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»

47Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48 bЦарах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.

49Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».

50Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо. 51 cЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара. 52Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.

54Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»

55 dГеннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.
Copyright information for CheCAC2012