Matthew 28:1-8
Ӏийса веллачуьра денвалар
(Марк 16:1-10; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)
1Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара. 2Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира. 3Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра. 4ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера. 5ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий. 6Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса. 7Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош». 8Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.
Copyright information for
CheCAC2012