‏ Matthew 28:16-20

Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг

(Марк 16:14-18; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)

16 aӀийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд. 17Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира. 18Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. 19 bИштта, дерриге а къаьмнашна тӀе а доьлхуш, царна Сан мурдаш хила Ӏамаде, Ден а, КӀентан а, Делан Синан а цӀарах адамаш хих чекх а дохуш, 20Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».
Copyright information for CheCAC2012