b ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн).
Matthew 3:1-12
Яхьъяс кхайкхам бо
(Марк 1:1-8; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)
1Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира. 2 a«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохура Цо. 3 bЯхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»
4 cЦу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара. 5Дукха адам догӀура цунна тӀе: Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. 6Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. 7 dШена тӀеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. 9 e„Тхан да ИбрахӀим ву“, – аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 10 fОрамашна тӀехула диг хьалаайина ду: шена тӀе пайден болу стом латош доцу хӀора дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу. 11Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду. 12Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кӀа цӀандийр ду. КӀа цӀа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дӀайовр йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
Copyright information for
CheCAC2012