Matthew 3:13-17
Ӏийса хих чекхваккхар
(Марк 1:9-11; Лака 3:21, 22)
13Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14Иза сацо гӀоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?» 15Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира. 16Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара. 17 aСтигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»
Copyright information for
CheCAC2012