Matthew 3:13-17
Ӏийса хих чекхваккхар
(Марк 1:9-11; Лака 3:21, 22)
13Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14Иза сацо гӀоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?» 15Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира. 16Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара. 17 aСтигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!» Matthew 4:1-11
Ӏийса зер
1 bЦул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта. 2Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира. 3Иблисо, Цунна тӀе а дахана, элира: «Хьо Делан КӀант велахь, хьуьлла Ӏохкуш долчу тӀулгашна тӀедожаде, бепиг хила алий». 4 cӀийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“». 5ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. 6 d«Хьо Делан КӀант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“». 7 eӀийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“». 8ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. 9«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!» 10 fӀийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“» 11Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.
Copyright information for
CheCAC2012