Matthew 4:12-17
Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало
(Марк 1:14, 15; Лака 4:14, 15)
12 aЯхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира. 13 bНазарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла. 14Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг: 15 c«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а,Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
16Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»
17 dЦу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.
Copyright information for
CheCAC2012