‏ Matthew 4:12-22

Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало

(Марк 1:14, 15; Лака 4:14, 15)

12 aЯхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира. 13 bНазарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла. 14Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг: 15 c«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а,
Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
16Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»

17 dЦу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.

Ӏийсас веа стаге, Шен мурдаш хила олий, кхойкху

(Марк 1:16-20; Лака 5:1-11)

18Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.

19«Суна тӀаьхьахӀитта, – элира цаьрга Ӏийсас, – ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».

20Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.

21Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра. 22Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
Copyright information for CheCAC2012