Matthew 5:38-48
Бекхам барх лаьцна
38 a«Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае. 40Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало. 41Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо. 42Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».МостагӀчуьнга болчу безамах лаьцна
43«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“. 44Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48 bЦундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».
Copyright information for
CheCAC2012