Matthew 6:25-34
Хьайн хьашташна са ма гатде
(Лака 16:13; 12:22-31)
25«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду. 26Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? 27Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? 28Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. 29 aАмма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 30Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш. 31Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“– бохуш, шайн са ма гатде. 32Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 33Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. 34Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».
Copyright information for
CheCAC2012