Matthew 6:9-13
9Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да!Хьан цӀе сийлахь хуьлда!
10Хьан Олалла тӀекхочийла.
Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла.
11Тахана даъал напха лохьа тхуна!
12Дехьа тхуна геч,
тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.
13Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо,
иблисах а лардахьара ▼
▼Цхьадолчу керла дӀаяздинчу тептаршкахь тӀетоьхна ду: ХӀунда аьлча массо ханна а Хьан ю Пачхьалкх а, нуьцкъалалла а, сийлалла а. Амин.
.
Copyright information for
CheCAC2012