Matthew 7:16-20
16Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш? 17Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу. 18Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу. 19 aХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо. 20 bИштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту.
Copyright information for
CheCAC2012