Matthew 7:21-23
21ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза. 22Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ 23 aТкъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“»
Copyright information for
CheCAC2012