‏ Matthew 7:7-11

Диэха, лаха, неӀ етта

7«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, 8хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.

9Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг? 10Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? 11Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!
Copyright information for CheCAC2012