‏ Matthew 8:1-4

Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг туовар

(Марк 1:40-45; Лака 5:12-16)

1Ӏийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. 2Цунна тӀе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Ӏийсана хьалха гора а хӀоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».

3Куьг дӀа а кховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.

4 a«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
Copyright information for CheCAC2012