‏ Matthew 8:14-17

Дукха адамашна дарба дар

(Марк 1:29-34; Лака 4:38-41)

14Кипа волчу Ӏийса веача, Цунна гира, хӀусамден стуннана, чӀогӀа да̄гар а долуш, цомгуш Ӏуьллуш. 15Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Да̄гар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.

16Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира. 17 aИштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна,
Цо вайн цамгарш дӀаяьхьира».
Copyright information for CheCAC2012