‏ Matthew 8:23-27

Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо

(Марк 4:35-41; Лака 8:22-25)

23Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тӀаьххье чухевшира. 24ХӀорд чӀогӀа ловзабелира, яккхийчу тулгӀенаша хӀордкема дӀасакхуьйсура. Амма Ӏийса вижначуьра меттах ца волура. 25ТӀаккха, тӀе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КӀелхьардахахьа вай! Ӏожалла улло кхаьчна-кх вайна!»

26Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.

27Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Copyright information for CheCAC2012