‏ Matthew 8:28-34

Ӏийсас Гадар-меттехь жинаша хьийзош волу ши стаг туовар

(Марк 5:1-20; Лака 8:26-39)

28Ӏийса гадархой болчу кхаьчча, нах дӀабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чӀогӀа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара. 29Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш.

30Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 31Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш.

32Цо элира: «ДӀагӀо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дӀахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тӀера Ӏам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.

33Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира. 34Цу гӀалахь мел долу адам Ӏийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тӀаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дӀагӀо аьлла.
Copyright information for CheCAC2012