‏ Matthew 8:5-13

Римхойн тӀемалойн хьаькаман ялхо туовар

(Лака 7:1-10)

5Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага: 6«Эла! ЦӀахь, энаша дӀа а лаьцна, чӀогӀа могуш воцуш Ӏуьллуш ялхо ву-кх сан».

7Ткъа Ӏийсас элира: «ДӀа а веана, Аса товийр ву иза».

8ТӀемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара. 9Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“олу, цо и гӀуллакх до».

10Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. 11 aКхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахӀимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дӀалоцур ю. 12 bТкъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». 13Ӏийсас тӀеман хьаькаме элира: «Вало, дӀагӀо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла».

Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира.
Copyright information for CheCAC2012