Matthew 9:1-8
Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг туовар
(Марк 2:1-12; Лака 5:17-26)
1Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира. 2Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина». 3Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!» 4Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь? 5Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 6Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо». 7Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара. 8Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна.
Copyright information for
CheCAC2012