Matthew 9:18-26
Гуламан цӀийнан куьйгалхочун йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а
(Марк 5:21-43; Лака 8:40-56)
18Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». 19Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара. 20Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза. 21Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра». 22Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. 23Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. 24Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. 25Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира. 26Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира.
Copyright information for
CheCAC2012