Matthew 9:9-13
Маттайга тӀекхайкхар
(Марк 2:13-17; Лака 5:27-32)
9Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара. 10 aӀийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий. 11Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?» 12Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 13 bДаха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Copyright information for
CheCAC2012