Micah 4:1-3
Везачу Элан дуьнен тӀехь долу машаран паччахьалла
(ЕшаӀ-ЯхӀу 2:2-4)
1ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀийнан ламмассо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу.
Иза массо а баьрзнел лакхабер бу,
ткъа цунна тӀе халкъаш оьхур ду.
2Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду:
«Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а,
Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду.
Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду.
ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду».
ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу,
ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
3 aЦо дукха халкъашна юкъахь маслаӀат дийр ду,
генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу.
ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу,
ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду.
Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац.
Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
Copyright information for
CheCAC2012