‏ Nehemiah 13:15-22

15 aЦу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича. 16Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чӀерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхӀудхошна дӀадохкархьама. 17Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! 18Изза хӀума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хӀокху гӀалина а тӀе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хӀинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чӀогӀа оьгӀазло яйта гӀерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш».

19Цул тӀаьхьа аса тӀедиллира, пӀерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тӀебогӀучу хенахь, гӀалин кевнаш дӀа а къовлий, шоьтан де дӀадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неӀарш ларъян сайна тешаме болу нах дӀахӀиттийра аса. Церан Ӏалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. 20Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хӀуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гӀалина арахь буьйсанаш йохуш бара. 21Аса цаьрга, чӀогӀа бехк а боккхуш, элира: «ГӀалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дӀадохур ду». Цул тӀаьхьа уьш кхин ца богӀура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. 22Аса левихошна тӀедиллира, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочушде аьлла. Уьш цул тӀаьхьа гӀалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама.

И хӀума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох!
Copyright information for CheCAC2012